Acts.18.1
Acts.18.1-Acts.18.17; Rom.1.7
2Cor.8.7; 2Cor.9.11
Luke.17.30; 1Thess.3.13; 1Thess.4.16-1Thess.4.18; Phil.3.20
Phil.1.6
John.17.21; 1John.1.3; 1Thess.5.24; 2Thess.3.3; Heb.10.23
1Cor.11.18
1Cor.3.3
Acts.18.24
Acts.18.24; Acts.19.1; 1Cor.3.4-1Cor.3.5; 1Cor.4.6; 1Cor.6.12; Titus.3.13; John.1.42
Eph.4.4-Eph.4.5
Acts.18.8; Acts.19.29; Rom.16.23
Acts.18.8; Rom.16.23
1Cor.16.15
1Cor.16.15
2Cor.10.10
1Cor.2.1; 2Cor.2.15; Rom.1.16
Isa.29.14
Isa.29.14
Job.12.17; Isa.19.12; Isa.33.18; Isa.44.25
Prov.21.30; Isa.44.25; Rom.1.22; 1Cor.3.19
Matt.12.38; Mark.8.11; John.2.18; John.4.48; John.6.30
Gal.5.11
1Cor.2.7; Col.2.3
Jas.2.5
Rom.3.27; Eph.2.9
Eph.1.7; Phil.3.9
Jer.9.24
Jer.9.24; 2Cor.10.17

Векало ПахӀала

коринтхошка

яздина хьалхара кехат

Дешхьалхе

Векало ПахӀала коринтхошка яздина хьалхара кехат Ӏийсах тешачу нехан дахарх а, тешарх а лаьцна ду. Коринт-гӀалахь ПахӀала дӀахӀоттийначу динан тобанехь Ӏийсан нехан дахарехь а, тешарехь а цхьайолу халонаш нисъеллера. Цу хенахь Коринт грекахойн йоккха гӀала яра. Римхойн долахь болчу Ахай-мехкан коьрта гӀала яра иза. Шена чохь йохкаэцар алссам хиларна а, шен бахархой кура хиларна а, сийсаза хӀуманаш шена чохь паргӀат лелорна а, тайп-тайпана динаш шена чохь лелош хиларна а гӀараяьлла яра и гӀала.
Векалан коьрта гӀайгӀанаш хӀорш бу: динан тобанехь хуьлу декъадаларш а, сийсазлелар а, иштта нахаца леларца а, зуда ялорца а, маре яхарца а доьзна долу хаттарш, цул сов, эхь-бехк а, динан тобанан гуламехь хила дезаш долу низам а, Делан Сино луш долу похӀманаш а, веллачуьра денвалар а. Цу хӀуманийн орамашна тӀе а кхочуш, векало гойту хазачу кхоо царах лаьцна муха дуьйцу.
Тептаран 13-гӀа корта безамах лаьцна бу. Векало гойту, Дала адамашна лучу совгӀаташна юкъахь безам уггар диканиг хилар. Иза, схьахетарехь, тептаран уггар шуьйра бевзаш болу корта бу.


Делан Йозанаш
http://ibt.org.ru/bible
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу Делан Йозанаш Учреждение российской академии наук институт языкознания ран
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу
Делан Йозанаш
Делан Йозанаш гочдаран институт 2012
ISBN 978-5-93943-184-2



Copyrighted: © Институт перевода Библии, 2012

Институт перевода Библии
Институт перевода Библии, 101000 Москва, Главпочтамт, а/я 360
ibt_inform@ibt.org.ru
назад
закрыть
:
1 Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал хила тӀекхайкхийнчу ПахӀала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хӀара кехат.
2 ХӀара кехат оха яздо Коринт-гӀаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага кхойкхурш а иштта тӀекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Ӏаш, Ӏийса церан а Веза Эла ву.
3 Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.

Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларо декъалво

4 Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тӀера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла.
5 ХӀунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агӀор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а.6 Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чӀагӀдаларе терра,7 Делан Синера долчу совгӀаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса гучувоккхучу дийне ладоьгӀуш шу хиларна.8 ТӀаьххьара де тӀекхаччалц Цо шу тешарехь чӀагӀдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волчу дийнахь шу ала хӀума доцуш цӀена хилийтархьама.9 Шен КӀантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца, уьйр хила шу тӀекхайкхина волу Дела тешаме ву.

Динан тобанехь долу декъадаларш

10 Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.
11 ХӀунда аьлча Халайн цӀерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар.12 Со ала гӀертарг хӀара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахӀалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Ӏийсагахьа ву».13 Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахӀал дӀатоьхнерий те шун дуьхьа жӀарах? Я ПахӀалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих?
14 Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна.
15 Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла.16 (Иштта Сетипанан цӀеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догӀу.)17 Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жӀарах дӀатохар эрна ца хилийтархьама.

Дала леррина Къобалвинарг – Делан ницкъ а, хьекъал а хилар

18 ХӀаллакьхуьлуш болчарна Ӏийса жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кӀелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу.
19 Делан Йозанашкахь аьлла ду:
«Аса хӀаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла,
кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».
20 Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Ӏилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла?
21 Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Ӏийсах тешнарш кӀелхьарбахар.
22 Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла,23 ткъа оха дӀакхайкхабо кхаъ хӀара бу: Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Ӏесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета,24 ткъа Дала тӀекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьӀна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар.25 ХӀунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгӀазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю.
26 Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тӀекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а.
27 Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хӀуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгӀаза хеташ долу хӀуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа.28 Кху дуьненахь кӀезиг хета хӀуманаш а, сийсаза хета хӀуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хӀумма а доцу хӀума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хӀуманаш хӀумма а доцург хилийтархьама.29 Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало.30 Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргӀат а доху.31 Цундела ма яздина Делан Йозанаш тӀехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».